Аварех ларвала ворхi некъ

Размер шрифта:   13

© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн, 2025

ISBN 978-5-0068-0738-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

1-НЕКЪАН НИЗАМ ЛАРДАР

Ассаламу алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Лараме бусалба, Веза-Сийлахь Аллах1а массо х1уман низам кхоьллина. Ша 1алам кхуллуш низмехь кхоьллина Цо, х1ора х1ума шен низамехь лелаш. Буьйса денел хьалха ца йолу, де буьйсанел хьалха ца долу. Шарчохь йолу йиъ заманах цхьа а вукхуллаъ хьалха ца йолу, х1ораъ шен-шен низмехь лела. Цо гойту Веза-Сийлахь Аллах1ан низам дезаш хилар. Цунах билгалла долу вайна низам беркате х1ума хилар, пайде х1ума хилар.

Веза-Сийлахь Аллах1а эрна кхоьллина дац вай, цхьан балхан кхоьллина ду вай. Шена 1ибадат дан. Ткъа Далла 1ибадат дан вай могуш а, маьрша а хила деза.

Цундела, Веза-Сийлахь Аллах1а боху къуръан чохь:

«Шуна моьттира ткъа, Оха шаьш бегашина кхоьллина ду? Шаьш Тхоьга йуха а доьрзур дац».

Эрна кхоьллина дац шу бохург ду иза. Цундела, низамехь ваьхчи бен Дала т1едиллина декхар кхочуш далур дац вайга. Амма низамехь ца дахаро бохамаш бо вайна. Цундела адамин дахар низамашка нисделла. Массо х1ума цхьан низамехь ду адами, ша нисдина цо иза иштта. Х1унда аьлча низам ца хилча цхьа а х1умма д1ацадоьдун дела цуьнан.

Дахарехь долу х1ума низамехь хилар Веза-Сийлахь Аллах1 т1едиллина вайна.

Веза-Сийлахь Аллах1а къуръан чохь боху:

«Шайн куьйгашца шаьш х1аллак ма де».

Т1къа низам ца хилча бохамаш хуьлуш хилча, адам х1аллак хуьлуш хилча – вайна юкъахь низам хилар т1едужу вайна. Т1къа тахна уггаре ч1ог1а адаман низам оьшу меттиг некъ бу. Дукха машенаш ю кху замангахь адмехь. Некъан низам ца хилча лелалур воцуш некъа т1ехь. Цундела, маше юкъа яьлча адмо некъан бакъонаш билгалла еш низам кхоьллина, некъа т1ехь долу дахар могуш а, маьрша а хилийтархьам. Некъа т1ехь воьдург а, вохург а могуш а, маьрша а хилийтархьам. Бохамаш ца хилийтархьам некъа т1ехь. Цундела, некъан низам лардаро адам 1алаш дон дела, т1къа некъан низам лар ца даро адам х1аллак дон дела, некъан низам лардар фарз ду массо адман. Лардинчун Веза-Сийлахь Аллах1ера ял х1уьлуш, ларцадинчун къа а хуьлуш. Некъа низам лардарца стаг ялсамане ваха мега, ларцадарца жоьжахат а ваха мега.

Лараме бусалба нах, некъан низам лардар вайн т1ехь ду. Цундела, некъан низам дохадар къа ду, Ислам дино сийсаз деш х1ума ду иза, х1унда алча некъан низам ларцадарх баккхий бохамаш хуьлун дела. Адамаш х1аллак до, заь1ап буьсу, машенаш х1аллак йо, х1усамаш йоха йо, байлахь буьсу доьзалш, 1аламат даккхий зенаш хуьлу. Цундела иштта зен хуьлу х1ума жима х1ума ма дац, вер-ваккхар жима х1ума ма дац. Цундела Веза-Сийлахь Аллах1а т1едиллина вайна некъан низам лардар.

Т1къа Дала вайна т1едиллина х1ума вай лардарц вай Цунна муьт1ахь хуьлуш хуьлу, цундела некъа низам лардеш верг Веза-Сийлахь Аллах1ан 1ибадат деш ву. Цунна ойла йича стаг атта некъа низман т1ера вера вац, х1унда аьлча иза Веза-Сийлахь Аллах1а дуьхьа лардеш волун дела некъ низам. Иза хаар а, цунах кхетар а ч1ог1а коьрте ду бусалба стагна.

Лараме бусалба нах, Ислам дино нахан новкъало ма е боху вайга. Нахан лазам бан мага цадо Ислам дино. Т1къа уггаре боккхачу лазмах бу некъ т1ехь беш берг. Х1унда аьлча нахан юкъахь верг нах ларбеш хилар т1едиллина вайна Ислам дино. Къаьстина нахан юкъах волчуьнгахь нахан кхерам бера болу х1ума ялахь. Хьажа Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлчуьнг.

Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Шух цхьаъ вайн маьждиг чухула вахча я вайн базархула (вахча) цуьнца ч1у болуш, шен куьйгаца цунан (ира) буьхьиг схьалоцийла цо, цунах бусалба нахан цхьа а х1ума цахилийтархьам».

Хьажа, маьл ч1ог1а билгалла дина вайна Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, нахан юкъахь вай лелон дезарг. Ч1ун буьхьиг ира хуьлу, цундела иза баьстина хилча цхьанах хьакхабелча цо чов йийр ю, цундела ч1ун ира юьхьиг куьйгац схьалаца аьлла вайга.

Т1къа цулла доккха дац тахна машенах долу зен?! Т1къа цулла ч1ог1о ларъян ца еза вай машен?! Дера еза, ч1уно шех хьакхавелла стагна чов йийр ю, амма машено вуьйра ву, кег вийра ву, хьошура ву, инвалид вийра ву, х1у а хила тарлокх цунах, цундела ларлуш хилар т1ехь ду вайна.

Лараме бусалба нах, вай бусалба ду аларца чекх долуш дац вайн бусалбанал. Вайн леларх а доьзна ду вайн бусалбанал. Т1къа бусалба стега бусалбанал гучу доккхучух ду цо нахан шех зе ца далитар. Ладоха кху хазчу хьадийсе.

Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Бусалба стаг (ву) шен маттах а, куьйгах а бусалба нах маьрша хилларг».

Хьажа, ма ч1ог1а ду иза. Бусалба стаг мила ву? Дера ву шен маттац а, куьйгац а бусалба нахан зен ца деш верг. Шен маттац царна х1умма ца олу цо, шен куьйгац царна х1умма ца до цо. Маьл доккха х1ума ду иза. Маьл ч1ог1а ойла ян еза вай цунна. Маьл ч1ог1а лардала деза вай вовше зен дарх маттац а, куьйгац а. Маьл ч1ог1а ларбан беза бусалба стага бусалба нах царна шегара зен хиларх.

Продолжить чтение