Х1ИНЦАЛЕРА МАНГАЛХОЙ

Размер шрифта:   13
Х1ИНЦАЛЕРА МАНГАЛХОЙ

Х1инцлера мангалхой.

(Сатирин пьеса)

Дакъалоцурш:

Мусост – «Вайдаха» литжурналан коьрта редактор

Лисберг – редакторан г1оьнча, секретарь, нохчийн критик.

Дошсолт – прозин, поэзин редактор

Мусит – «Т1орказ» литжурналан коьрта редактор

Бухит – Муситан г1оьнча

Думалоева – «Т1урнене» литжурналан коьрта редактор

Ц1уналоева – Думалаеван г1оьнча.

Гуашов – нохчийн суьрташдахкархо.

1- сурт

Хьаькаман кабинет. Истолан уллохь кресло т1ехь 1аш Мусост ву. Байт кхуллуш ву цкъа ойла еш, т1аккха кехатана т1е д1аязъеш.

Мусост. (Тхевне воьрзуш) Ма къежахьа кхечу к1енташна, Ма къежахьа…

Дера ма къежа, къежане а. Массарна а хьо къежаш хилча, хьо езарш дукха хир ма бу. И харцо ю! Цхьа йо1 цхьана к1антана бен йезийла дац. Ткъа цхьа йо1 массо а к1енташна езахь, иза-м кийчча дов ду. К1ентий вовшен карах белла д1абевлича бисинчу мехкарша х1ун дийр ду? Уьш-м маре баг1ан стаг а воцуш буьсур ма бу, ша и вайн республика топ ца кхуссуш яьккхина болчу бизнесхошка-саг1адоьхучаьрга ца г1ахь. О-о-о! Ма г1урт хуьлуш лаьтта х1окху сан байтах. Байт язъян а г1оьртина, дийнна философин трактат хуьлуш лаьтта х1окхунах-м. Со ву-кх бакъволу яздархо! Дала халкъана вазвина ваийтина…

Ма къежахьа… (Хьалаэккхаш чухула д1асаволало, кисина куьйгаш а духкий. Ша шега)

Дера, дала вазвина ваийтинехь а, и «Халкъан яздархо» олу и еза ц1е-м атта ца ели суна оцу културан министрас. (Телефонан горгли бека. Мусостас шен кресло чу д1анислуш охьахууш лерге хьо телефон). Алле! Со ладуг1уш ву-кх. (жимма соцунг1а хуьлуш). И бохург х1ун ду? Мила ву? Со Мусост ву-кх. Республикан коьрта журналан уггаре коьрта редахтор! (Хьалаг1оттуш нислуш). Ой, шу даг1а могуш, маьрша! Т1аккха ткъа Москохахь х1ун ду? Ло-м ца дог1у цигахь? (Телефонан аппарат т1е куьг дуьллуш д1акъовлуш, ша-шега). Ас х1ун дуьйцу? Аьхкен юккъехь-м Москохахь а дог1ург хир ма дац ло. (Телефонна чу). Т1аккха, могуш 1ай шу? Зуда а, бераш а, лулахой… Х1аъ, аса-м сема ладуг1у. Къастадо аса-м, кхийтира со-м… хьо жима зуда хилар. Хьена секартар ю элира ахьа? Пачхьалкхан коьртачу литжурналан уггаре коьрта редахторан коьрта секартарий? Кхетош ду! (Ирахьаланислуш). Т1аккха, х1ун хьал ду пачхьалкхан коьртачу литжурналан коьрта редахторехь… зуда, бераш… (ахдош олуш юкъах волуш). Ладуг1уш ву со-м… Дийцал ахьа. Со д1аван оьшуш х1ума-м дац цигахь? (Телефон къовлуш, ша шега. Ойлане хуьлуш, ирх хьожуш) Во-м хир дацара цхьана баттана Москоха командировке ваг1ача. Кхин а дика хир дара суна цигахь йовхуо, шай-кай алсам хир йолуш болх-меттиг цара кховдийча. (Телефонан чу) Муха бохура ахьа? Оьрсийн матта даьккхина нохчийн яздархочун дийцарш оьшу шун пачхьалкхан коьрта литжурналана? Ой, дела я хьо могуш, маьрша! Сан ду-кх и нохчийн дийцарш дахьан меттиг а боцуш… (Ладуг1ий) Х1ан-х1а, кхин яздархой аьлла х1ума а дац тхан республикехь кхинарш-м. Царнна-м ларт1ехь ши дош вовшех таса а ца хаьа. Со ву-кх халкъан Дала вазвина… Аьлча а, халкъан яздархо, поэт, драматург, сценарист, публицист, журналист… (Ладуг1уш) Х1а? Х1ун? Тоьур дуй? Со х1инца а юккъе а ма ца ваьлла сайн хьунарш, говзаллаш, пох1манаш, даржаш дуьйцуш… (Ладуг1ий). Мегар ду… Ахьа бохург дер вайшимма… Ткъа хаза юй хьо?.. Бехк ма биллалахь, и ала ца г1ертара со… Мегар ду! Х1окху республикехь мел волчу жима а воккха а яздархойн дийцаршна юккъехь, кхайкхам а бина хаьржина, уггаре диканиш, тоьлланиш кхана д1атосур ду-кх оха шун пачхьалкхан коьртачу литжурналана ц1арах почтехула. (Ладуг1уш) Муха? Муха элира ахьа? Кхин цкъа а алахь. Ми-й-мейл? (Телефон куьйгаца д1акъовлуш. Ша-шега). И х1ун меймал ду цо дуьйцург? Х1умма а дац Люскина хуур ду и х1ун ду, иза ма ю 1уьргара дахка ларбеш 1ен цициг санна оцу компьютеран чу а йог1аелла 1аш даима а. Х1ун самукъадолу хаахьара оцу компьютерх! Телевизор чохь-м цхьацца суьрташ, кинош а гойтура. (Ц1еххьана меттавог1уш, телефон чу). Х1а-ах1? Х1ун? Мегар ду оцу ахь вуьйцучу Ми-меймалегахула а тосур ду оха сан дийцарш…, аьлча а, тхайн тоьллачех яздархочун дийцарш. (Ладуг1ий) 1одика… шун а… Маршалла… соьгара… шайн коьрта редахторе а, зудчуьнга… берашка… (Телефон охьаюьллуш, ша-шега реза воцуш). Хьажахьа, со цхьа-ши дош аьлла а валале охьакхоьсси-кх оцу г1амо и телепо! (Ойлане волуш). Дийцарш… Х1инца-м сан дийцарш пачхьалкхан коьртачу литжурналехь зорбане девр дара! Сан ц1е евзира ю х1инца Россе пачхьалкхан йист йоцучу массо а ме11ехь! Россехь вевзина а 1ийр вац, массо а дуьненчохь вевзира ву со! Пушкинан, Лермонтован, Толстойн а санна… лаккхарчу мог1анашкахь лаьтташ товш хир ю сан ц1е а! Э-х1е-е! Пушкин, ларлуш хир ву-кх хьо! Д1ата1алахь цхьажимма со ву хьуна вог1уш, Мусоста! Мусоста! Яздархошна а юккъехь эла Мусоста! (Ц1еххьана дагадог1уш. Не1 йоьллуш аракхойкху) Люся! Ва, Люся! Схьаядалахь сихонца! Х1а-х1? Дита хьайн шадолу г1уллакхаш а! Хьан х1ун г1уллакхаш хир дара цигахь! Схьа ядалахь сихха, дукхаяхарг! (Не1 д1акъовлуш вухавоьрзу).

Лисберг. (Тухленаш екаш хеза не1арна арахьа. Кестта ша а гучуйолу, не1 йоьллуш. Коьртахь йовлакхан аса, готта коч, лекха к1ажош т1ехь тухленаш) Х1ун боху ахьа, сэр, эла-редактор?

Мусост. Ой, хьо Дала д1аэцарг, адмийн маттахь йист хила мегаш яц хьо?

Лисберг. Ахьа даима а со Инетана чуяьлла йоллуш хи чуьра ч1ара санна озайой схьайоккху-кх со!

Мусост. Х1инццалца-м компьютер чохь хуьлуш ма яра хьо, х1инца кхин х1ун Джинет карийна хьуна чуялан?

Лисберг. Чатехь хьеший гулбина йоллура со-м.

Мусост. Люся!

Лисберг. Х1ун боху?

Мусост. Оцу чёртехь а ца гулбеш, шайн ц1ахь гулбехьа и хьеший!

Лисберг. Ой, ас ц1ахь муха гулбо дерриг дуьнера хьеший!

Мусост. И хьан г1уллакх ду! Хьуна ца хууш а и дагадаг1ахь, дерриг дуьне а шайн ц1а дерзор долуш-м яра хьо! Х1ан, дитал и эрна хабарш. Вайна хаза кхаъ кхаьчна.

Лисберг. (Самукъадолуш) Эх1! Хенахь-м ца кхечи и кхаъ. Мелла т1етухуш ду и?

Мусост. И бохург х1ун ду? Х1у ю ахьа т1етухуш ю бохург?

Лисберг. Муха х1ун? Хаза кхаъ кхаьчна ца боху ахьа? Алапа ду-кх!

Мусост. Ванах, Люся, оцу ахчанах ахьа х1ун до? Масех болх бу ахьа беш, нахана цхьаъ а ца кхочуш. Х1етта а тоьуш а дац хьуна и ахча.

Лисберг. Нахана дуьне даан ца хаьа. Хьаькимаш бовза беза, бовзарх а ца тоьу. Царнна кера х1ума кховдон хаа деза. Хьаькимаша болх боцуш ца вуьту шайна кисна х1ума йожош верг.

Мусост. Цо х1ун дуьйцу? Хьо-х яц хьайн кисанара кепек хьаькимана хьов, хьайн да леш валлахь, цунна а лур йолуш.

Лисберг. Сан сайн кеп ю оцу г1улкхана. Шедевраш язъйо шаьш бохуш кехаташ бехдеш дукха хьаькимаш бу, церан и «ц1ога доцу шедевраш» нахала яхар ч1ог1а ахчане болх хилла. (Мусост ша аьллачух кхета г1ерташ ойла еш а гой, куьйг ластош) Цунна-м т1аьхьа кхуьур вацара хьо. Иза дитахь. Мелла т1етухуш ду вайна алапа?

Мусост. Х1ан-х1а, алапа т1етухуш дац вайна. Кхинарг бу кхаъ.

Лисберг. Кхинарг-м кхаъ бацара, алапа т1етухуш дацахь.

Мусост. Люся. Хьо сан г1оьнча ю, амма со хьайга маре веъча санна хьайна луург бен деш яц-кх хьо! Вай делора ю ас хьо балхара д1айоккхур!

Лисберг. Хьан сийлалла, муьлхачу балхара йоккху ахьа со д1а? Сан и белхаш кхоъ-биъ ма бу?

Мусост. Ахь со дош ала вуьтуш вац. Со вер ву д1а х1ара болх шуна массарна а битина!

Лисберг. Ас-м олийта дош! Айхьа яздеш долу дийцарш санна ду-кх, ахьа олуш долу дош а. Алахьа, ч1ог1а а воллу хьо-м!

Мусост. Со кестта Москох-г1алахь нахалла вер волуш ву-кх.

Лисберг. Х1инца цигахь а бале валан воллу-кх хьо нахана.

Мусост. Бале-м вер вац, амма Пушкинан улло д1анисвалан дагахь-м ву со.

Лисберг. (Къинхетаме хьожуш). Муха? Хьо х1инца а къена ма вац. Хьайн зуда а, бераш а дитина… тхо а дитина д1авалан воллу хьо? Иза-м вон кхаъ ма бу! Ва-а, ах1и-и-и!( йелхан йолало).

Мусост. (Шегара мерах хьокху йовлакх кховдош) Люся… Лю-ю-ся! Ахь х1ун до, 1овдал! Иштта атта сох к1елхьара-м хьаха ца довлу шу. Сан дийцарш ду Москох-г1аларчу уггаре коьрта литжурнале д1адоьхуш. Со кестта Пушкин санна вевзаш хир ву, бохург дай сан-м и! Люся-я!

Лисберг. Со-м 1овдал хила а мега, амма Пушкинас нохчийн маттахь яздеш хиллий ца хиина суна-м х1инццалца.

Мусост. (Д1а, схьа а хьожуш, Люсина улло воьдуш) Люся!

Лисберг. Х1ун боху ахьа?

Мусост. Пушкинас нохчийн маттахь яздеш хиллий муха хиина хьуна?

Лисберг. Хьо Пушкинан улло д1нисвала г1ертадела хиина-кх. Хьо-м ма вац нохчийн маттахь бен яздан хууш.

Мусост. Бакъ лоь хьо, Люся. Цундела сан иттех дийцар кханалера де т1екхачале оьрсийн матта гочдан деза.

Лисберг. Иттех стенна деш ду гоч?

Мусост. Москохарчу коьрта литжурналехь зорба тохийта.

Лисберг. Ахь айхьа куьйгалла дечу «Вайдаха» литжурнале хьайна ма луъъу хьайн дийцарш зорбане дахарх, москохахь а иттех дийцар цхьана номерехь зорбане дохур ду моьтту хьуна?

Мусост. Э-э-х1! Уьш а хьаха бара сан куьйга к1елахь хила безаш! Ткъа масс дийцар дахьийта аса Москох?

Лисберг. Ахьа хьайнарш а доцуш, кхечу яздархойн дийцарш «Вайдаха» литжурналана т1е дукха тухий? Иштта тухург хир ду-кх Москохахь хьайнарш а.

Мусост. Сан произведенеш классика хир йолуш ю! Соьга кхочуш яздан 1емичхьана сайн журнале дохура ду аса оцу, яздархой ду шаьш, бохуш эрна кехат бехдеш болчу нехан дийцарш а!

Лисберг. Хьан произведенеш хестош статьяш язъеш со цхьаъ йоцург кхин стагга а хаавеллий хьуна? И ду-кх ахьа суна олуш долу баркал! Суна алапа т1е маца тухур долуш ду алахьа цулла а!

Мусост. Люська! Люся! Ахь х1ун до ц1ингаш кхуьйссуш. Хьо-х вайн нохчийн къоман уггар а тоьллачех критик ю, массарна а бале яьлла! Т1ехула т1е, аса тухуш ма дац алапа т1е. «Вайдаха» литжурнал республикан културан министерствос ахча луш арахоьцуш ма ду. Сан сайн долахь ма дац и!

Лисберг. Хьайн долахь дацахь «Сан журнал! Сан журнал!» – бохуш пачхьалкхан журнал сийсаз х1унда до ахь ткъа? Т1етоха суна алпа! Ас кхин язъйийр яц цхьа а статья хьан произведенеш хестош!

Мусост. Люся! (Воьхна д1асахьаьвза) Лисберг, дукхаяхарг, ма ваккхахь со нахала! Ас премиальни ахча яздийр ду хьуна!

Лисберг. (Б1аьргех хи д1адокуху кеп х1оттош) Мегар ду делахь. Виц ма лолахь! (Сонехь кхозучу куьзгана улло йоьдуш, муц1арна т1е басар-пудар хьакха йолало)

Мусост. Лисберг, Люся оцу сан иттех дийцарна х1ун до вай?

Лисберг. (Хьоькхуш долу басар-пудар ца сацош) Иттех ца оьшу. Цхьаъ, ца хуьлчу даьлча, шиъ дийцар г1еххьа хир ду.

Мусост. Эх1, ма харцо ю-кх оцу москохарчу литжурналаша вайна т1ехь латтош ерг. Баттахь цхьа дийцар бен цара зорбане ца даккхахь сан произведенеш маца евзина евра ю Россен йешархошна?

Лисберг. Ахьа хьайн журналана т1етухий кхечу яздархойн произведенеш шарахь цкъа а? Москохара журнала а тухург хир ю-кх хьан произведени иштта цхьана шарахь цкъа.

Мусост. Харцо! (Куьйгашца корта а лоцуш) Харцо!

Лисберг. Вайн республикера кхечу яздархошка а хаийтина диканарш къастош яхьийта езий-те произведенеш Москоха? Вайн къомана юьхь ларош, диканарш харжа езара уьш. Нийсо иштта ларлура яра вайга.

Мусост. Яздархой вайн къомана кхо-виъ бен вац, вуьш ловзарш лелош бу, кепекийн дуьхьа.

Лисберг. Ткъа хьан санна дукха гонорараш ма дац цхьана а яздархочун.

Мусост. Сан произведенеш дика ю!

Лисберг. Кхечу яздархойх къаьсташ, церачул дикалла, пох1малла совдяьлла х1ун произведении ю ахьа язъйина?

Мусост. (Реза воцуш куьйгаш д1аса а дохийтуш) Хьуна хаа деза-кх и, хьо яц сан критик?

Лисберг. Ахь премиальни шай-кай суна язъяллалца-м яц!

Мусост. (Велакъежа) Хьайн киснахь ларахь премиальни! (Велакъажар хадош) Х1ара, Люся, схьакхайкхал со волчу прозин редактор Дошсолтига.

Лисберг. Со кхин оьший хьуна? Инете г1ура яра-кха со.

Мусост. И мила ву Инет? Х1инца а ца г1ахь. Кхин цхьа шо далахь хьо оцу Инета а маре юьгур ю моьттуш-м вац со. (Велакъежа)

Лисберг. Цхьа архаизм ю-кх хьо Мусост. Инет кегийрчу наха Интернетах ма олу.

Мусост. Хьажахь х1окху къеначу йо1стаге а, жималлех яла ца лаьа-кх кхунна а. Хьо цхьанге маре ца яг1ийтахь, сох къа латарна кхерам бу-кх… Х1ара… Люся, ткъа меймал х1ун ю?

Лисберг. И-мейл, электронни почта-а. (Корта ластош д1айоьду)

Дошсолт. (Не1 йоьллуш чувог1у) Де дика хуьйла, Мусост Мусостович. Ахьа кхойкхурий соьга?

Мусост. Дукха вехийла. Х1ара, Дошсолт, хьо оьрсийн маттахь дийцарш яздеш варий?

Дошсолт. Яздеш-м вара со, Мусост Мусостович. Яздар х1ун пайда бу, сан уьш вайн журналан т1е шарахь цкъа бен тухуш-м дац.

Мусост. «Вайдаха» журналан хьалхара дешдакъа «Вай-» хиларх цуьна куьйгалхо-м со цхьаъ вай! Ахьа ас санна дика язъел ахьа хьайн кехатан цуьргаш, т1аккха вай шарахь шозза а журнале йохура ю уьш. Кхин цхьаъ ду! Аса-м хьо цхьана г1улкхана кхайкхина. Сан нохчийн доцца дийцарш шайна тайна боху Москохара уггаре коьртачу журналера накъосташа. Шайна иттех дийцар д1атаса аьлла телпо з1е тоьхна цара соьга амма цхьа-ши дийцар д1атесича а тоьур дара царнна-м.

Дошсолт. Мусост Мусостович, сан кийчча дийцарш ма ду… оьрсийн маттахь яздина а ду уьш.

Мусост. Ахьа х1ун дуьйцу жима стаг! Хьайн берийн дийцарш сайнчаьрца дуста г1ерта хьо? Соьга леррина телпо з1е а тоьхна, иттех дийцар шайна д1атасахьара бохуш дехарш дина цара х1инцца, итт минот хьалха!

Дошсолт. Мусост Мусостович, Москварчу оьрсашна нохчийн маттахь дешан 1емина? Ахьа нохчийн маттахь бен ма ца язйо и хьайн «шедевраш».

Мусост. К1ант-т, хьуна сан журналехь болх бан к1ордийна моьтту суна! (Реза воцуш) Сан ши-кхоъ дийцар сихха оьрсийн матта гочдан деза ахьа!

Дошсолт. Мусост Мусостович, хьан муьлха дийцарш гочде аса оьрсийн матта?

Мусост. Бен а дац хьуна. Шадерш а цхьатерра дара уьш-м. (Ша аьллачух кхеташ нисло). Шадерш а цхьатерра дика! Кхана Москоха д1атасан шиъ дийцар кийча хилийта! Таханенна аса хьайн бан безачу балхах мукъавокуху хьо. (Аравалан д1аволавелла Дошсолт сацош). Т1ебог1учу баттахь хьан цхьаъ дийцар «Вайдаха» журнале доккхур вай. Ледаро-м ду хьан уьш, делахь а…

Дошсолт. (Догдоьхна корта а ластош араволу. Ша-шега) Харц дуьне… харцо!

Мусост. (Дошсолтана т1аьхьа олу) Хьажахьа х1окху лойсакхе а! «Сан дийцарш… сан дийцарш!» – бохуш чуьраваьлла. Ас бийр бу хьан болх-м! Х1окху шарахь сан журналана т1е хьан, дийцарш аьлча а и берийн ловзарш, т1етохарна-м ца кхоьру хьуна со! (Шен кресло чу охьахуу, оцу хенахь телпона горгали бека. Схьаоьцу телпо) Алле! Мусост ладуг1уш ву-кх! (Велакъежа) А-а-а! Хьо яц и сан къоламан йиша? Х1окху баттахь сан дийцарех масса дийцар тоьхна ахьа хьайн «Т1урнене» журналана т1е?

Думалоева. (Телпонан аз ду хезаш. Ша Думалоева гуш яц) Сан журнал хьан дийцаршна диллина ду ламарочуьна хьешан ц1а санна. Ткъа и сан байташ-шедевраш хьан журналана а товра ю моьтту суна.

Мусост. (Телпо т1е куьйг дуьллуш) Хьажахь х1окху маймале а! «Сан шедевраш!» Х1окхуьна байташ-х жана хьалха яьллачу газана саготтала еша а пайдена яц. (Телпо чу) Дера, сан йиша и хьан мах хадон йиш йоцу байташ сан «Вайдаха» журналана ч1ог1а тайна моьттуш ма ву со. Сан белхалой и хьан байташ дагахь 1амош бу-кх кхин дан х1ума а ца карош. Х1ара, сан кхолламан йиша, хьуна хезаний керланаш?

Думалоева. Керланаш-м дукха дара х1окху дуьненчохь, ткъа муьлханарш ду хьуна хезинарш?

Мусост. Суна хезинарг-м кхин даккхийчех а дац. Эцца Москох-г1алара хабар кхаьчнера соьга.

Думалоева. Х1ун хабар ду и? Алий валахь, сан нахана г1арваьлла ваша. Сан байташ истолични литжурналашна т1ехь седарчий санна лепаш ю бохуш-м ца хезна хьуна?

Мусост. (Телпо т1е куьйг а лоцуш) Э-э-э, хьо ялла уьшална чохь, хьан байташ пхьидарчий санна 1аьмнашна чохь екаш товш хир яра. (Телпо т1ера куьйг д1адоккхуш) Нагахь санна Дала мукъалахь, хьан байташ а хир ю 1оьхуш, аьлча а лепаш. Амма суна хезинарг сайн иттех дийцар истолични уггаре а коьртачу литжурнало шен аг1онашна т1ехь нахала даьккхина бохуш ду.

Думалоева. Дера и ах а бакъделахь тамаша бу.

Мусост. Х1унда боху ахьа иштта? Хала-м ца хета хьуна сан дийцарша хьайн байташна ц1ога гайтича?

Думалоева. Ц1ога гайта-м и ц1ога а долуш хилан еза пор-изведенеш.

Мусост. Ц1ога дера дац хьан оцу пхьидийн байтийн, ва ешап!

Думалоева. Хьан дийцарийн ду бохург-м дац хьан и?

Мусост. Ду дера цера-м ц1огарчий лаьттахула текха а текхаш!

Думалоева. Ц1ога вирийн бен ца хуьлу хьуна, сан нахана балеваьлла ваша. Сан байташ дашо санна ц1ена, малх санна къегина, зезаг санна хаза ю. Церан муха хир ду ц1ога! (Йоьлуш хеза) Соьга тахана телпо-з1е а тоьхна Москох-г1алара уггаре а коьртачу литжурналера господаш сайн байташ яийта аьлла шайна. Уьш ч1ог1а хазахетта шайна боху цара. Х1ора баттахь арадолучу журналан лоьмарна т1е а тухур ю шаьш боху уьш.

Мусост. Бакъдериг эра дарий ахьа, сан еза йиша.

Думалоева. Хьоме ю ала а вулий, еза олу-кх ахьа даима, мел еза хета хьуна со?

Мусост. Цхьа центнер ах центнер, мел к1езига лерича а?

Думалоева. Бакъдерг-м ала со Китай а г1ур йолуш яра, сан жима пила.

Мусост. Нохчийн байтахошна юккъера диканарш харжа а харжий, уьш яийта шайна-м ца аьллера хьоьга оцу Москох-г1алара господаша?

Думалоева. (Цецйолуш) Ой, хьуна муха хиира и?

Мусост. Дера ву со, вайшиъ цхьана вирворданахь лам баккха хьалаг1ерташ ду моьттуш.

Думалоева. Хьоьга а-м ца тоьхна оцу Москох-г1алара господаш телпо-з1е?

Мусост. Муха хиира хьуна?

Думалоева. Х1инца а ца хиина суна-м. И-м и дара, ас хьоьга телпо стенна етта хаьий хьуна?

Мусост. Ахьа къухаш а ца кегош схьаалахь хуур ду-кх.

Думалоева. Х1ара хьан т1оьска вар-кх хьоьга хаийта бохуш.

Мусост. Муьстаниг вуьйций ахьа?

Думалоева. Муьстаниг х1унда ву и, Мусит вац и?

Мусост. Муьста а, къаьхьа а шен дийцарш цо яздеш хилча, кхин х1ун эра ду цунах.

Думалоева. Цо иштта муьста язъеш хилча, хьан «Вайдахана» аг1онашна т1ера д1айовлуш а ма яц цуьна и «муьста произведенеш»!

Мусост. Цундела сан шедевраш цуьнан «Т1орказ» журналана т1ера а ма яц д1айовлуш.

Думалоева. Ой, цуьнан журнал пенсионерашна арадовлуш ма ду.

Мусост. Пенсионерашна арадолуш-м дацара и, царнна кхочу-кх.

Думалоева. Царнна муха кхочу и?

Мусост. Дера, Думалоева, пенсионерашна пенси д1алуш а ма дац Муситан «Т1орказ» журнал мел к1езига а цхьана шарана цара шайна яздеш дацахь!

Думалоева. Эх1, и ма дика деъна дага ду! Дера деза аса сайн думалелорхошна а изза дезар дан!

Мусост. Госдумалелорхой-м бац ахьа буьйцурш?

Думалоева. Шайн думалелорхой бара уьш-м, сан «Т1урнене» журналан дешархой.

Мусост. Ткъа сан т1ёскас х1ун ала аьллера хьоьга?

Думалоева. Вайга кхаанге а вовшахкхетийта бохуш вара и.

Мусост. Стенна?

Думалоева. Вайн къам дуьненчуьра дайна д1адолуш лаьтта боху цо. И оцу кхерамах к1елхьара даккха некъ хаа шена боху.

Мусост. Вайн къам вай ду-кх. Къоман юьхь а, сий а, лийрдоцурш а!

Думалоева. Ой, и х1ун ду ахьа вайна дуьйцург. Бюрократаш ду вай?

Мусост. Вай х1унда ду бюрократаш?

Думалоева. Лийрбоцурш бюрократех, взяточникех, чиновникех олу-кх наха!

Мусост. Ванах, оцу Муьстачун х1инца дагадеънарг х1ун ду техьа?

Думалоева. Ца хаьа суна-м. Маца вовшахкхета вай?

Мусост. Со цкъачунна ч1ог1а сиха воллуш ву. Сайн керла йолийна шедевр а ю сан чекхяккха езаш. Москох-г1ала д1аяхьийта материал а ю кечъян езаш… и г1уллакхаш чекхдаьлча эр ду аса.

Думалоева. Къоман дуьхьа х1уъу а дина а цхьаъ дан декхарийлахь дац вай? Билггал маца чекхдер долуш ду хьан и г1уллакхаш?

Мусост. Мегар ду. Цхьа ах сахьт даьлча кийча хир ву со.

Думалоева. Ткъа мичхьа вовшахкхета вай?

Мусост. Со волучохь!

Думалоева. Хьо волучохь х1унда гулло вай? Хьо кхин паччахьан лерг даьккхинарг-м вац?

Мусост. Лерг-м ца даьккхина аса, амма вайна юккъехь сайн кхолларалла ондуо хеташ ву-кх со.

Думалоева. Ву хьан да хьакха юуш воллийла! Сан кхоллараллийга хьаьжича хьо ванне а вац-кх!

Мусост. Мегар ду делахь. Хьо йолучохь вовшахкхетар ду вай. Суна муьлха кофе хила еза а хаьа хьуна, муха даарш хила деза а хаьа…

Думалоева. Хьо волучохь!

Мусост. Х1ун, «хьо волучохь»?

Думалоева. Хьо волучохь вовшахкхетар ду вай.

2 – сурт

(Мусост ву шен кабинетана чохь цхьаъ язъеш 1аш. Чухьожу Лисберг.)

Лисберг. Шеф…(корта не1арах ара а хьажабой) аьлча а, Мусост Мусостович, вайга бог1уш хьеший бу-кх.

Мусост. (Корта ца ойбуш) Со мукъа вац!

Лисберг. Уьш беза хьеший бу!

Мусост. Муьлш? Министерствора-м бац уьш?

Лисберг. Бац. Хьан яздархойн вежарий-йижарий бу-кх.

Мусост. Со мукъа…(Оцу хенахь не1йоьллуш гучубовлу Муситий, Думалоевий)

Со мукъа вац…мукъа ву-кх сан дукхабезаш болу хьеший т1еэца. Маьрша дог1ийла шу! Т1аккха, могуш-маьрша 1аш дуй шу?

Мусит. Салам 1алайкум, коллега!

Мусост. Ва1алайкум…салам…охьаховшал, сехьадовлал.

Думалоева. Мусост, суна муьлха кофе еза, муьлха даарш деза хуу хир ду-кх хьуна!

Мусост. Х1а? Х1у? А-а, хаьа дера.

Думалоева. Хьошала дер-кх ахьа т1аккха!

Мусост. Лисберг, хьажал цига чай вовшахтохал вайн хьешашна.

Лисберг. (Резайоцуш хичаш а йой арайолу)

Мусост. Т1аккха, коллегаш, х1ун ду вайн нохчийн прозан, поэзин аренашкахь.

Думалоева. Вайшимма телпо чухула дийцанчул т1екхетта х1ума дац.

Мусит. Лерамен коллега Мусост, сийсара наб йина яц аса-м.

Мусост. Ой, и х1ун ду? Хьан декхар ма ду буьйсана сахиллалц байташ, дийцараш, романаш язъяр! Сийсара билггал цхьа шедевр язъйина-кх хьуна ахьа! Дийцал!

Мусит. Хьан-х1а, сийсара со охьа ма вижжинехь, цхьа тамашена г1ан гина самаиккхира со. Цул т1аьхьа кхин, со валарх, наб а ца кхийти суна!

Думалоева. (Цецйолуш) Ой, Мусит, соьга ма ца дийцира ахьа и…

Мусост. Собардехьа Думалоева, уггар интересный меттехь юкъах а ца вохуш. Т1аккха, х1ун г1ан гира хьуна?

Мусит. Дера гира…(д1аса а хьожий, п1елг ирх а бохийтуш) дера гира вещий г1ан!

Мусост. Муьстнаг, ма ийзадехьа суна чуьра са хьала. Валахь дийций!

Думалоева. (Бага а г1аьттина ладуг1у. Мусостана т1ечевха) Мусост, ма лелхахь юкъа!

Мусит. Со вара, даима а санна, сийначу байт1ехь, тхайн бешахь, зазаша охкийначу гаьннашна юккъехь.

Мусост. Т1аккха…

Мусит. Со цхьа хаза декачу зарзар-хьозанан эшарца сайн байт д1анисъян г1ерташ воллура.

Мусост. Т1аккха…

Мусит. Оцу хенахь стиглара воьссина я лаьтта бухара вели ца хууш цхьа воккха стаг т1ех1оьттира суна. Цуьнан шурула к1айн маж доьхкана т1ехь кхозучу детин варкъ даьккхинчу шаьлтана мукъ къевлабоккхуш яра.

Мусост. Т1аккха…

Мусит. Наьрт-Эрстхо санна онда дег1 долуш вара и. Нохчийн халкъан синг1арол ву ша элира цо соьга. Вайнах шайн ницкъа кхачийна к1елабуьсур бу, нагахь санна церан уггар а тоьллачех болчу оьздачу къонахаша Литартор олуш еза ц1е йолу турпала дин лаьмнашна буьххье а баьккхина, цунна шарахь яъъал ломан буьххьера буц ца хьакхахь, мангалшца, шайн куьйга.

Мусост. Вайна стенгара бер бу Литертор олуш болу турпала дин?

Мусит. И турпала дин вайн г1алахь урамашкахула болабелла лелаш хуьлу элира цо. И лаха беза цкъа хьалха. Уггар халаниг: и турпала дин адаман б1аьргана ган йиш йолуш бац!

Думалоева. Ткъа ас х1ун леладо кхузахь, шуна юккъехь? Цигахь оьшуш берш оьзда къонахой ма бу, ткъа со, шуна ма хаъара, зуда ю!

Мусост. Цундела хира бу-кх шаболу къонахий хьох озалуш.

Думалоева. Уьш муха бу сох озалуш?

Мусост. Хьан «Т1урнене» журналехь цхьа а къонахчуьна произведени ма яц арайолуш!

Думалоева. Къонахийнарш арайолу, ткъа мичхьа бу уьш?

Мусост. Со ву-кх кхуззахь…

Думалоева. Муха хиира хьуна и?

Мусост. Сайнарш бен произведенеш хьан журналана т1ехь арайолуш ца хиларна хиира-кх.

Думалоева. Сайнарш хьан журналана т1ехь а йовлу наг-наггахь гучу.

Мусит. Оцу дезчу хьайн пох1малло (ерстинчу зудчуьнга леррина хьожуш) язъйина йолу лерамен, сан йиша, хьо тхоьца ца хилахь, тхуна и туьйранахь бийцина дин карор бац.

Думалоева. Х1унда, сан чамхалг-ваша?

Мусит. (Ца вешаш Мусосте а хьожуш) Хьуна бен вайн яздархошна юккъехь къонах карийна ца хилча, и турпала дин а хьуна бен карор бац.

Думалоева. Ванах, и вайн «Зорбанан ц1енна» уьйченашкахула лелаш хааелла бохуш йолу б1арлаг1а и турпала Литертор олуш болу динна-м бац техьа?

(Массо а не1арехьа, уьйчен аг1ора д1ахьовсу. Оцу хенахь не1 ша-шаха схьаеллало. Говран тарсар хеза)

Мусост. Турпала дин!

Думалаева. Литертор!

Мусит. И дин лифтана чубала кхиале схьалаца беза вай!

(Вовшен д1аса а туьттуш аралелха. Йиллина йолчу не1арехьара аьзнаш ду схьахезаш)

Мусост. Х1оккхуза сонехь бу шуна!

Думалоева. Гуобелаш цунна, к1ентий! Т1екхета, д1а ма бахийта!

Мусит. Суна-м ца го х1умма а!

Думалоева. Гуо бе! Х1ун деш лаьтта хьо, кисина ши куьйг а доьллина!

Мусит. Соьга х1ун де боху техьа ахьа, фельдмаршал Къудузов!

Мусост. Ахьа х1ун Къудузов вуьйцу?

Мусит. Наполеоне дог дог1уш хилларг вац!

Думалоева. Э-э, хьо валла миччхьа а! Дог дог1уш ца хилла и цуьнга, цхьа б1аьрг ца хилла! Наполеон шен эскар кхоьссина а дитина х1унда ведда хилла моьтту хьуна? Фельдмаршал пират ву моьттуш!

Мусост. И шун аьшпаш д1ахазахь, Литертор-дин-м д1аг1ур бу цец а баьлла.

Думалоева. Мичхьа бу и?

Мусост. Оцу сонехь тебина бу моьтту суна и.

Думалоева. Делахь гуо бел. Хьо аьтто аг1ора вала, ткъа хьо аьрро аг1ора, со юккъехь хир ю! Т1екхета! Схьалаца!

Мусост. Леци! Ас леци! Г1о де суна! Г1о-о!

Думалоева. Аса а лаьцна! Муьстнаг, хьуна х1умма а кера еъний?

Мусит. Суна-м ца хаьа, сайна х1умма а кера еъна я ца еъна.

Мусост. Муьстнаг! Схьалаца х1ара цхьа ког! Х1окхо ц1ингаш кхуьйсуш ницкъа бо суна! Лаьцний ахьа?

Мусит. Лаьцна. Ма стомма ког а бу оцу динан!

Думалоева. Д1ахеца сан куь-уь-йг!

Мусит. Ва устаз, орцаха!..

Мусост. И суна мийра тоьхнарг мила вара!

Мусит. Ца хаьа суна-м, амма ласта-м суна бина бара моьттуш ву со и.

Мусост. Думалоева, т1аккхахула и мийра айхьа хьажийначунна тоха хьажалахь, пожаласта! Х1ан, ладог1ал соьга, аса хьалхара озабо шуна, аша т1аьхьара татта!

(Кхоь а гучудолу. Хьалха ваьлла вог1уш Мусост ву, динан юьхь лаьцна кеп х1оттош, т1аьхьадог1уш Думалоевий, Муситий ду, дин туьтту кеп х1иттош)

Мусост. Тпр-р-р! Сацае вайн бекъа!

(Муситас, Думалоевас шаьш к1адделла кеп х1иттайо)

Мусит. (Хьацар д1ахьокху кеп а йой, т1аккха леррина Мусостига хьожу)

Мусост. (Архаш лаьцна лаьтташ санна куьйгаш а лаьцна лаьтта)

Мусит. Сан доттаг1, и ахьа лаьцнарш х1ун ю?

Мусост. (Ца вешаш) И бохург х1ун ду? Архаш ю-кх…(Д1аса а хьожий) аьлча а лергаш!

Думалоева. (Цхьана х1уманах шекъяьлла Мусостан куьйгашка хьожуш ю)

Мусит. Сан нахана г1арваьлла ваша, и лергаш деха-м ца хета хьуна оцу говрана?

Мусост. Хилча х1ун ду? Х1ара-м Турпал дин бай!

Думалоева. Ванах, коллега, и Турпал дин говрал а мелла а лоха болуш санна-м ца хета хьуна?

Мусост. Аша х1ун дуьйцу? (Ша а шекволу) Х1а-х1? Турп-п-пал в-в-вир?

Мусит. Деллахь нохчашна ца кхаьчна хьанна кхочур бара ишттанехьа х1ара санна болу Литертор-дин?

Мусост. Х1ара болх нахана тусабалале, новкъара д1абаккха беза вай х1ара дин-вира.

Мусит. Вай массалг1ачу г1атана т1ехь ду?

Думалоева. Дала доьг1начунах к1елхьара валалур вац! Вайна т1аьхь ду х1ара дукъ! Вай дац къомана уггар тоьллачех долу яздархой! «Нохчийн халкъан яздархой»!

Мусит. Суна хаьаара х1ара иштта чекхдер дуй.

Мусост. Ма воха, сан ваша, хьан ворхх1е да а ца лелла х1ара санна долу вир а кхочуш!

Думалоева. Вайх терра бу-кх вайн дин а!

Мусит. Бан а бу хьуна ша ма-барра Литертор-дин.

Мусост. И-м и дара, вай лома даха кечдалан деза.

Мусит. Мусост, и ши лерг д1ахеца-м ца лаьа хьуна?

Мусост. Ас х1орш д1ахецахь х1ара бодура бу, аьлча а додур ду, т1аккха вай нахала девра ду.

Мусит. И Литертор-дин цхьанхьа д1абихкича х1ун хир дара техьа?

Мусост. Нийса боху ахьа и-м. (Мохь туху) Люся, ва Люся! Схьакхайкхал Дошсолтига сихонца!

Продолжить чтение