ЧЕРСИ

ЧЕРСИ
(3 декъахь, 18 суьртах лаьтташ драма).
1ашхой-Мартана к1оштан турпалхошна лерина!
Сайца ишколехь цхьана дешначу Гатаев Черсин сий деш!
Дакъалоцурш:
1 – Мажа – Черсин нана.
2 – Черси – полицин подполковник.
3 – Тумиша – Черсин х1усамнана (цхьа актриса – ши Тумиша).
4 – Бесира – лулахо.
5 – Г1айрбек – доттаг1.
6 – Адам – доттаг1.
7 – Гаджиев Гейдар – полковник.
8 – блокпостера Салти (Витя).
9 – Блокпостах т1ех ца бовлийтанчу нехан (АЬЗНАШ).
10 – Блокпостехь четара чуьра (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
11 – Лулахо Халид (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
12 – Лейтенант Иванов (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
13 – Телефона чуьра (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
14 – Байташ йоьшуш верг (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
15 – Байташ йоьшуш йерг (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
16 – Телефонистка (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
17 – Ишколан директор (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
1 дакъа. 1 сурт.
БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
Маржа йа1, х1ай дуьне! Кавказан лаьмнаш!
Шун кийрахь шаьш кхиъна и нохчийн к1ентий
Шайн мехкан сий лардеш б1ешершкахь лаьтти,
Турпала бос болу, и майра дегнаш!
Турпалхойн къелла вайн ца хилла цкъа а,
Ханпашас… мартанхойн 1алавдес Францехь
Лардина нохчийн сий, шек вац-кха цхьа а!
Болатан нохчийн к1ант – вустура ву хьаьнца!
(СПЕКТАКЛЬ ЧЕКХЙАЛЛАЛЦА ЭКРАНА Т1ЕХЬ ЦХЬАНА СОНЕХЬ ХИЙЦАЛО КАЛЕНДАРАН АГ1ОНАШ САННА ШЕРИЙН ТЕРАХЬАШ!)
(ЭКРАН 1972 ШО).
ЧЕРСИ 1АШ ВОЛУ КЕРТ. ЧЕРСИН НАНА МАЖА КЕВНА УЛЛОХЬ ЛАЬТТАШ ЙУ, ШЕН К1АНТ ЧЕРСИ ИШКОЛЕРА Ц1АВАРЕ ХЬОЬЖУШ.
МАЖА. (Кет1ахь лаьтташ йу) (Ша шега) Тахана ма хьенвелла сан Черси. Оцу шен «путболах» ловзуш хир ву, ша и мох санна уьдуш, цхьанге а саца а ца луш! Маца воккха хир ву техьа сан Черси? Чуйахан йеза, кестта ц1авог1учуьра ваьлла и.
БЕСИРА. (Гучуйолу. Шен лулахо а гой) Мажа, хьо и ков лардина маца йера йу техьа? (Йелакъежа) Йуха а хьайн Черсига хьоьжуш лаьтташ хир йу-кх хьо? Дера хьан к1ант, ша и мох санна сиха велахь а, дика к1ант ма ву!
МАЖА. Деллахьа итт класс чекхйаьккхина волуш ву сан Черси. Дешна ваьлча аьрми г1ура ву, т1аккха милицин ишколе г1ура ву ша боху… Ненан шен к1анте хьежар деха ду-кх!
БЕСИРА. Ненан к1анте хьежар, ша и дахар санна деха ма ду, ва Мажа! Ша и мох санна синмаршо а, парг1ато а йезаш ма ду к1ентан дахар. Х1ума а дац, кестта ишкола чекхйаьккхина, аьрме а вахана, ц1авеъча, хьайн Черсина зуда а йалийна, кертахь хьийзаш нускал а долуш, хьо йаха хиъчи, иштта хетар дац хьуна. (йелало)
МАЖА. Д1айалахь, и ма генара туьйра ду, ахьа дуьйцург! Сан Черси х1инца а жима ма ву!
БЕСИРА. Дагадог1ий хьуна: вайшиннан жималла, хаза б1аьсте! Э-э, вайшинна жималла а, сан доттаг1, мел сиха йедда-йедда къевла йели… Иштта дахар ду-кх х1ара. Д1аса хьаьжжа а йалале арахь 1972 (эзара исс б1е кхуззат1къай шийталг1а) шо ду. Вайн берийн дахар а д1аг1ура ду: вай къанлуш, уьш баккхийра хуьлуш!
ГЕНАРА СХЬАХЕЗА ИШКОЛЕРА Ц1АДОГ1УЧУ БЕРИЙН ЗЕВНЕ АЬЗНАШ. ГУЧУВОЛУ ЧЕРСИ, ЦУЬНАН НАКЪОСТИЙ АДАМ А, Г1АЙРБЕК А. 1972 ШАРАХЬ ДЕШАРХОША ЛЕЛИЙНАЧУХ Т1ОЬРМИГАШ А КАРАХЬ.
Г1АЙРБЕК. Черси, хьо футболах ловзуш ч1ог1а ка йолуш ву. Хьох дика спортсмен хир вара, «Терек» команде д1авала везара хьо. Суна хезна, «Терек» команде буьрканах ловза пох1ма долу бераш д1аоьцу бохуш.
АДАМ. Вуьш долу ловзарш дита дезар ду, хьох футболист хилахь! (велало)
ЧЕРСИ. К1ентий, футболист хила т1аьхьа ду суна. 6-7 шо кхаьчна бераш бен д1а ца оьцу оцу берийн команде. Со жимма т1аьхьа висина моьтту суна.
Г1АЙРБЕК. Вайн кегийра нах ца боьлху-кх футболах ловза а, хоккейх ловза а. Ирча-м хира бацара нохчийн Пеле… Харламов!
АДАМ. Шуна хезний, вайн СССР команда Канадера хоккеисташца ловзура йу бохуш?
ЧЕРСИ. Канада дуьненан а лидер ма йу хоккейх ловзарца! Вайн командин дика тасайала йезар йу цигахь!
АДАМ. Тасабала х1унда безара бу уьш?
ЧЕРСИ. Дера и хьерабевла Канадера хоккеисташ шаберш а марош кегдиний, цергаш кегйиний ма бу. Уьш ловзачулла а дукха вовшаха лета!
Г1АЙРБЕК. Вайнаш а бу летира болуш, цкъа белха буьйлабелча!
ЧЕРСИ. (Шега хьоьжуш нана а гой) Чу дог1ий шу?.. Маьрша г1ойла, доттаг1ий! Кхана гура ду вай!
Г1АЙРБЕК. Маьрша 1ойла! (Мажа йолчу аг1ора) Де дика хуьлда шун, деца Мажа, Бесира! Могушалла муха йу шун?
АДАМ. Деца Мажа, деца Бесира, де дика хуьлда шун! Могуш 1аш дуй шу?
МАЖА. Дукха даха шу а! Далла бу хастам! Схьачудуьйла! Деза хьеший дина лелора бу аса сайн к1ентан доттаг1ий!
БЕСИРА. Далла дезийла! Дика 1аш ду. Чу дуьйла, чайна истака а мелла г1ура ду шу!
Г1АЙРБЕК. Дика мел дерш дог1ийла!
АДАМ. Дика мел дерш! Шун пурбанца д1адоьлху тхо!
МАЖА. Г1о т1аккха, шу чу ца даг1ахь!
ЧЕРСИ. Деца Бесира, де дика хуьлда хьан!
БЕСИРА . Дукха ваха, Черси, хьо а!
ЧЕРСИ. Нана, де дика дойла хьан оцу Везчу Дала! Хьо соьга хьоьжуш йара! Къинт1ера йала суна! Оцу футболах ловзаро тидам д1абехьна, вицвеллера со, хьо соьга хьоьжуш хира йуй! (Мара эккха г1урту)
МАЖА. Д1авала, Черси, нахана гича а эхь ма ду! Хьо-м воккха к1ант вуй! Некъа йуккъе а х1иттина вайшиъ маралелхаш латтар, хаза ма дац! (Шена хазахетар къевладаккха ницкъ ца кхочуш, йоьлу).
ЧЕРСИ. Х1унда ду эхь? К1антана шен нана дукхайезаш хилар, эхь х1унда ду! Гайта массарна а, суна сайн нана мел дукхайеза!
БЕСИРА. Делахь, Мажа, мел дика к1ант ву хьан Черси! Дала дукха вахавойла хьан и!
ЧЕРСИ. Деца Бесира, и Веза Дела реза хуьлда хьуна! Суна-м сайн нана санна хьо а дукхайеза! Со жима волуш дуьйна, нана санна дика хилла хьо соьца! Дагадог1ий хьуна, ахьа суна даима йовхачу сискалца луш хилла т1оберам… сийна хохаш! У-у! Мел мерза хуьлура уьш!
БЕСИРА. Т1оберам а, сискал а дагайеъна моьтту суна к1антана! Ишколехь мацйеллачух тера ду, борз! Тахана хьан нанас кхочийтура вац хьо соьга! Кет1ахь хьо ларвеш и лаьтта дукха хан йу! Цо мерза йуург кечйина хира йу хьуна.
МАЖА. Схьайола чу, цхьана 1ийра ду вай, Бесира!
БЕСИРА. Дика мел дерш дог1ийла! Жимма уьйт1ахь куьйг тухуш йара со.
МАЖА. (йелалуш) (к1ентана белшах куьйг тухуш) Вало, к1ант, чоьхьа вала. Эхь ца хета хьуна некъайуккъе а х1оьттина лулахошка «саг1адоьхуш» латта? Аса мел мерза йуъург кечйина хьайна хаъахьара, ведда чуг1ура вара хьо.
ЧЕРСИ. Ч1епалгаш!
МАЖА. Х1аъ!
ЧЕРСИ. (цкъа нана марайолла т1е а водий, йуха чу воду) Нана! Хьо санна дика, хаза нана х1окху дуьненачохь йац-кх!
ЛУЛАХО ХАЛИД. (АЗ) Мажа, ва Мажа!
МАЖА. (аз долчу аг1ора йолало) Х1ов-вай! Ваши, х1ун боху ахьа? Схьа, чу ца вог1у хьо? Х1ума а кхаьллина г1ура ву хьо!
ЛУЛАХО ХАЛИД АЗ. Мажа, дика мел дерш дог1ийла! Сиха дохку тхо… дог1а кхоссале бохуш, йалтана т1е х1ума кхосса г1ерташ. И шун к1ант чохь вуй?
ЧЕРСИ. (Халидан аз хезий соцу)
МАЖА. Ву дера, Черси х1инцца чу кхочуш ву ишколера.
ЛУЛАХО ХАЛИД. (АЗ) Сиха схьаваийтахьа и… г1о оьшуш г1улкх ду кхузахь. Ваийта таро йуй и?
МАЖА. Йу дера! Х1инца д1авог1у хьуна и!
ЧЕРСИ. (Шен карахь боллу ишколан т1оьрмиг, нене д1а а луш, д1ахьоду) Нана, вашина г1о ца дича йиш йац! Со х1инцца схьавог1у хьуна! (д1ахьоду).
МАЖА. (сцени юккъехь латта йуьсу) Шена сел дукха дезаш долу, ч1епалгаш даъа а ца кхиъи хьо… сан к1ант. Х1умма а дац, лулахошна накъосталла дан деза цкъа хьалха… ч1епалгаш-м аса довха латтора дара сайн к1антана.
БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз)..
Жималла, жималла, х1ай къуона зама,
Мел хаза, мел оьзда йу нохчийн амал
Ша хин волу и к1анат жима волуш вевза,
Ша хин йолу и йо1 ма жималлехь йевза.
Де, буьйса ца лоруш, к1ант хуьлу кийча
Ша накъост ва хила, де эшча хийла!
Нохчийчохь, Мартанат1ехь, йахь йолу к1ентий,
Шу кхиъа сий долуш эзаршкахь хенахь!
2-г1а сурт
(ЭКРАН 1972 ШО)
(ЭКРАНА Т1ЕХЬ ИШКОЛАН ХЬАЛХАРА СУРТ.
ИШКОЛАН ХЬАЛХАХЬ ДЕШАРХОЧУН Т1ОЬРМИГ КАРАХ А БОЛУШ ЛАЬТТАШ ЙУ ТУМИША, 8-Г1А КЛАССЕРА ДЕШАРХО.
ТУМИША. Х1унда боху, к1ант шена везийла хаийта мегар дац йо1ана! Х1унда ца мега к1анте кехатан цуьрг йайзйан! Х1умма а дац, ма магийтахь! Со-м нохчийн г1иллакх дохора долуш йац. Суна-м оьшуш дац йа к1анте и везийла хаийта а, йа цуьнга кехаташ йаздан а. Суна цхьа жимма х1илла хилча тоьура ду, цхьа а кехат ца йаздича а, оцу к1ента корта хьовзабан. (ша-шена йелакъежа). Аса сайца цхьана парти т1ехь 1аш йолчу йо1е Маликига х1окху к1иранах х1ора дийнахь, цхьа башхалла доцуш санна къадийра: «Оцу уьтталг1ачу классера Черси бохуш волчу к1анте ала дезаш цхьа-ши дош ма дара сан», – аьлла. Хьалхарчу дийнахь Маликас шена бен ца хета кеп х1оттийра. Шолг1ачу дийнахь хаьттира: «Х1ун ши дош?» – аьлла. Ткъа пхоьалг1ачу а, йалхалг1ачу дийнахь а, оцу Черсина лерга т1е батт а йиллина, цуьнга аса аьлларг дуьйцуш лийлира. Ткъа тахана… шу кхетта хир ду-кх, Черси сайна т1е валлалца хьоьжуш лаьтташ йу-кх со. (Елакъежа, бета т1е куьйг а дуьллуш, эхь хетар гойтуш) Делахьа, хьоьжуш-м йара со… Веъна и к1ант схьакхаьчча со йоьхна хилар д1а ма гахьара цунна… Эх1! Вог1уш ву хьуна… Улло йаьккхина Малика а йу… Х1умма а дац… И уллохь хилча, суна атта хир ду.
Эх1!, Малика д1айахара, со ма гиннехьа… Эхь хетта хира ду цунна… (Д1айоьрзу)
ЧЕРСИ. (Тумишига) (Самукъане олу) Хьо йо1 йу боху соьга цхьаъ ала луъуш… Бакъ дуй и…
ТУМИША. (Схьайоьрзу. Эхь хеташ, б1аьргаш охьадохийтуш). Де дика хуьлда хьан!
ЧЕРСИ. (Тумиша гича, самукъадалар хийцало. Йо1 хазахетар гуш ду) Далла йезийла…
ТУМИША. Малика… нийса кхетта хир йац хьуна… Аса иштта ца аьллера и…
ЧЕРСИ. Тумиша… Тумиша йуй хьан ц1е? Ц1е-м хазаниг ма йу хьан! Хьо суна ишколехь хьалха а ма гина. Барх1алг1а классера йуй хьо?
ТУМИША. Йу, со барх1алг1а классехь доьшуш йу. Хьо-м кестта итталг1а класс чекхйоккхуш ву, х1окху б1аьста. Ирс долуш стаг ву хьо.
ЧЕРСИ. Ирс долуш х1унда ву со?
ТУМИША. Ишкола чекхъйаьккхина хьо д1аг1ура ву… Со ишколехь йуьсура йу…
ЧЕРСИ. (Х1инца т1аьхьакхуьуш ву) Хьо х1инца а жима ма йу! Кхин шина шарахь деша ма деза хьан ишколехь!
ТУМИША. Со-м йац жима… Ши шо к1антана а, йо1ана йуккъехь дукха дац олуш хезина суна тхан нанас…
ЧЕРСИ. Т1аккха делахь со-м хьо йоккха хиллалца хьоьга хьоьжуш 1ийра ву!
ТУМИША. Ши шо-м сиха д1адера ду… (эхь хетий) Со-м сиха йоккхахила хьожур йу… Со-м дика доьшуш йу…
ЧЕРСИ. Со ишкола чекхъйаьккхина ваьлча аьрме ваха дагахь ву. Аьрмера ц1а веъча, кхин шина шарахь милицин ишколе г1ура ву. Оцу хенахь хьо дешна а йера йу… Хьоьжура йуй хьо соьга?
ТУМИША. (Хазахетар къевла даккха г1ерташ) Хьоьжура… йу со… йу.
ЧЕРСИ. Дош лой ахьа, «Хьоьжура йу» – аьлла?
ТУМИША. (Эхь хета)
ЧЕРСИ. Дош лой ахьа…?
ТУМИША. Ло… Аса дош ло… Хьоьжура йу, аьлла…
ЧЕРСИ. Ткъа, со аьрме вахача, кехаташ йаздийра дуй ахьа?
ТУМИША. Йаздийра ду.
ЧЕРСИ. Х1ора дийнахь йаздийра дуй ахьа?
ТУМИША. Х1ора дийнахь-м йаздийра дац!
ЧЕРСИ. Х1унда?
ТУМИША. Хьо кура вер ву, х1ора дийнахь хьайга кехаташ йаздича. (йелакъежа).
ЧЕРСИ. Вера вац со кура. Со иштта а ма ву, хьо а йевзина кура ваьлла. Йало, аса ц1а д1акхетийра йу хьо. Шен хеннахь ц1а ца йаг1ахь, хьан нанас дов дийра ду хьуна! (велакъежа).
ТУМИША. Дов цхьажимма бен дийра дац суна нанас. Сан нана мел дика йу хаъий хьуна!
ЧЕРСИ. Вайн наной шаберш а бу дика! Цаьрга кхочуш х1ума дац х1окху доккхачу дуьненахь!
ТУМИША. И бакъ ду!
ЧЕРСИ. Йало, йало! Хьо дика доьшуш йу бохуш йацара хьо? Урокаш 1амон йеза. Дика дешалахь, мегаш дуй?
ТУМИША. Таханлерачул т1аьхьа кхин «пхеъанал» лахара доккхура-м дац! Аса дош ло хьуна!
(Д1АДОЛАЛО ШИЙ А)
ЧЕРСИ. Кхана а ишколехь гур ду вайшиъ, мегаш дуй?
ТУМИША. Со-м ахьа иштта эра дац моьттуш йара…
ЧЕРСИ. Эра ду дера. Х1инца со суо а 1енлура вац, хьо ца гича. Х1ора дийнахь…
3-г1а сурт
(ЭКРАН 1980 ШО)
(ЭКРАНА Т1ЕХЬ СУРТ) Г1АНТ. УЛЛОХЬ ЧОХЬ ТЕЛЕФОН ЙОЛУ ЖИМА ЧОЬ, КАБИНА. УЛЛОХЬ ТЕЛЕФОНИСТИЙН ЧОЬННА ЖИМА КОР.
ЧЕРСИ. (Г1анта т1ехь хиъна 1аш ву. Лейтенантан погонаш, духар милцочуьна) Делахьа ма йахъелла х1ара хан. (Т1евоьду корана) Хьажахьа йо1, Соьлжа-г1ала, 1ашхой-Марта заказ йара сан телефонан къамел хилан дезаш.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (йоь1ан АЗ.) Лераме жима стаг, хьо и хаттар а дохьуш суна т1е веъна нийсса 2 минот ах минот йаьлла-кх.
ЧЕРСИ. Хьоме йо1, хьо ца хьежначух тера ду эзар километр генахь хьоьга хьоьжуш 3 шо даьккхинчу хьайн уггара мерзачу ненан озе!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Со хьох дика кхета! Ненан озе кхочуш аз дац х1окху доккхачу дуьнена чохь, накъост лейтенант.
ЧЕРСИ. Хьо кхеташ йелахь, кхин цкъа а д1атохахь тхан нене. Со хьоьжуш ву ала цуьнга, со цуьнан хьоме аз хазаре хьоьжуш ву ала!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Сан жимма хан мукъа йу, ас йацйийра йу хьан хьежаран хан.
ЧЕРСИ. Муха йацйан йоллу хьо и хан.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Кавказехь олуш хезна суна: «Воккхачу стеган некъ аьттачу баккха лаахь, 1аса йа г1аж ло цуьнга, некъ бацбан лаахь, хабарца 1ехаве и».
ЧЕРСИ. Со воккха стаг ву бохург-м хир дац хьан и. (велало)
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Хьо Кавказан стаг ма ву, хьо дика кхета сох. Цхьа хаттар дан мегий хьоьга… ц1е муха йу хьан?
ЧЕРСИ. Черси йу сан ц1е. Хьайниг, дика йо1, муха йу ц1е?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Сан ц1е Лариса йу, немцойн маттахь – Лорхен.
ЧЕРСИ. Немцойн маттахь х1унда элира ахьа и?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Со немцо йу. Йина Караганда г1алахь, ц1ера арадаьханчу хенахь.
ЧЕРСИ. Х1а-а, кхийтира со. Шу советски немцой ду. Ткъа Рязанехь муха нисйелла хьо, Лорхен?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Шун Нохч-Г1алг1айн Республика метта х1оттийна, ткъа тхан немцойн республика Саратован областахь метта ца х1оттийна. Саратовехь ца нисделча, тхан х1усама Рязане схьакхелхина.
ЧЕРСИ. Нохчий ц1ера арабаьхначу хенахь, немцойн къам бухахь хилла. Дукха г1о дина, дукха диканиг дина немцоша, казахаша нохчашна. Хезина суна, шун республика метта ца х1оттийна бохуш. Нийсо йац и. Немцойн къамо доккха г1о деш йина Петр1 Россех Росси а.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Черси, ткъа т1ехьийза йо1 йуй хьан ц1ахь?
ЧЕРСИ. (велало) Ой, йу дера! Уггаре хазаниг х1окху дуьнена т1ехь! Х1инца тхайн нене а тоьхна телефон тохан йезаш ву со Тумишига.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Муха… мишига?
ЧЕРСИ. Лорхен, хьан лергана дика ца къаьста моьтту суна и ц1е. Ту-миша!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Хаза ц1е йу и-м, Ту-миша.
ЧЕРСИ. Хаза ц1е йац! Уггар хаза ц1е йу х1окху дуьненахь! Лорхен, аса Тумиша йалийча, хьо телеграмма а йаийтина… аьлча а, хьоьга телефон тоха атта ма хира ду, ловзарга кхойкхура йу хьо. Реза йуй хьо хьошалг1а йа?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Реза йу со-м. (телефонан зар-зар йека) Черси, собарделахь! (телефона чухула къамел до) Ладуг1уш йу! Рязань!.. Соьлжа-г1ала! 1ашхой-Марта! Вовшаха тосу аса Соьлжа-г1ала – Рязань! Черси! Хьалхарчу кабине чу вала! Хьан 1ашхой-Марта йу з1енехь! Хьан хьоме нана!
ЧЕРСИ. (Мох санна чуэккха кабинина) Нана! Нана! Хьуна хезий хьайн к1ант! Со ву! Черси ву!
МАЖА. (АЗ.). Черси! Сан к1ант! Со хезий хьуна? Мажа йу со! Хьан Нана!
ЧЕРСИ. Нана, дика хеза. Хьан аз эзарчу аьзнаш йуккъехь уггар а хьомениг, хазаниг! Маьрша йа хьо, Нана!
МАЖА. (АЗ.) Черси, муха 1аш ву хьо? Маца волу дешна? Ц1а маца вог1у хьо? Маца гур ду вай?
ЧЕРСИ. Кестта гур ду вай, Нана! Кхаъ баккха тоьхнера аса телефон: со дешна ваьлла! Хьан к1ант милицин лейтенант, эпсар ву! Практике Челябинске хьажош ву со. Цига д1авахале, ц1авог1уш ву со х1окху деношкахь. Вай кестта гур ду, Нана!
МАЖА. (АЗ.) Хаза кхаъ бу и! Дела реза хуьлда хьуна и кхаъ баккхарна! Со хьоьжуш хир йу.
ЧЕРСИ. Нана, муха со хьоьжуш хир йу? Тумишех х1ума ца олу ахьа?
МАЖА. (АЗ.) Ц1а веъча дуьйцур ду вай… Тумиша маре д1алуш йу… Вай хьуна Тумишел хазаниг йалор йу…
ЧЕРСИ. Со кхетта… Нана… Цхьа жимма а хьайн аз хазийтахьа.
МАЖА. (АЗ.) Хаза хан йу вайн Мартант1ехь, б1аьсте… бошмаш… ц1авола сихха, сан сагаттало, хьо ганза дикка хан йаьлла.
ЧЕРСИ. Дика ду, Нана. Кестта гур ду вай, Дала мукъалахь! (охьайуьллу телефон)(соцунг1а а хуьлий лаьтта цхьана ханна)
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Черси… Черси… Тумишига тоха ца оьшу?
ЧЕРСИ. Ца оьшу, Лорхен… ца оьшу.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Черси, шадериг дика дуй?
ЧЕРСИ. (Велакъежа) Х1унда дац дика? Дера ду!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Шадериг дика хир ду, Дала мукъалахь!
ЧЕРСИ. Аса хьошалг1а кхайкхар диц ма делахь, Лорхен! Дала аьтто бойла хьан, немцойн йо1! Дика йо1 кхиийна хьо кхиийначу нанас! (Куьйг а ластадой, д1авоьду)
БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
Ма хьежа можа малх, х1ара б1аьсте хьоьстуш,
Х1инцалца суна а ахьа йовхо луора
Ша санна шийла дог 1ийжадо… цоьстуш (ша – лед)
Ницкъ суна лохьа малх, ца йожа гуора…
Ас хийла сатийсина б1аьсте йу 1аьржа,
И йочана, и бода ша мара къуьйлуш.
Дуьне ша 1ададеш гуонаха йаьржи,
Хин чана, чухьаьди сан безам муьйлуш.
4-г1а сурт
(ЭКРАН 1980 ШО).
ЭКРАНА Т1ЕХЬ ВИДЕО: ОХЬАДОГ1У МАРТАНА ХИ.
ТУМИША. (Черси схьаваре хьоьжуш лаьтташ йу. Малхе хьожу) Б1аьсте, ма шийла йеъи-кх хьо ца моьттуш. Сан безам тахана д1абовра бу техьа, г1ийла чиркх хилла. Черси-м ц1а веъна ма боху. Маржа йа1 цхьа ах шо хьалха… Ма хийла ойла йинера ас… со теша… цо а йинера… Аса хьоьжура йу аьлла хан: мел дукха д1айели… тахана… кхана бохуш. Цу Везачу Дала кхоьллина ду ма боху рицкъанаш, ткъа цуьнца къовса вац дуьненахь цхьа а. Черси-м эпсар хилла ц1авеъна боху, хаза товра йу цуьнгахь дашо эпсаран погонаш. Ца моьттург хуьлуш дуьне хиллера х1ара… Дас делла дош ца дохош, сайн дахар д1адала кийча йу со… Да цхьаъ бен ма вац… Дахар а дац цхьаъ бен… Безам а…