Забаре сценареш (сатирические сценарии)

Размер шрифта:   13
Забаре сценареш (сатирические сценарии)

Валаргхойн ловзар. (Хьеший т1еэцаран сценари)

  Дакъалоцурш:

Воккха стаг – марда

Йоккха стаг – марнана

Марвежарий

Кхаъбоккхург

Нускал

Ши-кхоъ йо1 – хелханчаш

Ловзаран да

1 декъехь

Воккха стаг.  (Хьешашна дуьхьал волуш)

Шу дуьйла ва маьрша, тхан маьршачу махка!

Махкара доцу шу, ва маьрша хьеший!

Шу лаа лелий те, шу тара дуй техьа!

Юьхьара лаьцна некъ лаамца буй техьа!

Алалаш, тхан хьеший, вашалла эшахь,

Болатан тхан тарраша г1о лацан дезахь!

Шун бала къахкабан кура к1ентий бу тхан,

Сингаттам къахкабан – мехкарийн халхар!

(Жимма юьстах волуш соцу)

Ловзаран да.   (Хьешашна хьалха волуш)

Хьомсара ва хьеший, шу баьрчче довла,

(Мохь тоьхна олу)

Шу кхаьчна ловзарга, нускал ду далош!

(Х1усамдас, воккхачу стага а, кегийрачу мехкарша а «хьеший» баьрче бохуш охьаховшабо)

Ловзаран да. (Хьеший охьаховшаллц жимма собар а дой, т1етуху)

Замой бу схьакхочуш, ю зуда ялош,

Кечлолаш сакъера, долало ловзар!

Кхаъбокххург

(Шира нохчийн духар долуш, нохчийн тапча а яьккхина сцени т1ехьара схьаэккха жима стаг. Ирх кхуссу тапча, боцца хелхаран «бохь буг1у»)

Юьртахой, ладог1а, ладог1а хьеший!

Со вог1у кхаъ бохьуш, замойна хьалха!

Ас хаам бо шуна, схьало сан «деши»,

Нускал ду схьакхочуш, далош бу вежарий!

Воккха стаг. (Кхаъбаьккхинчунна улло воьдуш кхаъана «дашо» ло. Хьешашна улло охьахуу.)

Марвежарий. (Нускалан дехьа, сехьа а ваьлла, Нускалан куьйг лаьцна жимахверг а волуш, гучуволу ши марваша).

Марнана. (Дуьхьалайоьдуш Марнанас т1еоьцу нускал, марадуллу, каьмпет ло. Баьрчче «соне» доккхуш юьстаха доккху, когашна к1ела кхуссу куз, Нускала схьагулбой юьстахабоккху куз.)

Йог1ийла хьо маьрша, йог1ийла мерза,

Моз хуьлда хьан дахар, б1е шарахь яха!

Барт болуш ехийла тхан нус кху кертахь,

Ирс долуш хуьлийла, сан йо1, хьан дахар!

Ловзаран да.

Ирс долуш дехийла нускал кху х1усамехь,

Сий долуш бехийла нохчий шайн махкахь!

Го шорбеш хьовзалахь х1ай, нохчийн ловзар!

Х1усамда ву волуш марнанца говза!

Воккха стаг. (Баккхийнчу нахах тардеш хелхар до воккхачу стага, ловзаран гона юкъа а волуш)

Марнана. (Воккхачу стага «д1акхойкхуш», гона юкъайолуш, йоккхачу стеган халхар до воккхачу стагца)

Ловзаран да.

Ирс долуш ю х1усам, цу кертахь хьийзахь,

Жима нускал, хьешашна шун х1оттадеш,

Ирс долуш ю х1усам, цу кертахь хьийзахь,

Ловзаргахь и хьеший чан г1аттаеш!

(Шен буйнара г1аж т1ехьажаеш, хьеший хелха боху. Цаьрца хелха боху оцу г1уллакхана кечбина д1ах1иттийна мехкарий)

Хелхарна гуо тийсина х1усамда тахна,

К1адвелла хир ву-кха, хьагвелла хир ву,

Халхарша к1адбина хир бу-кха тахна,

Вайн оьзда и хьеший, хьагбелла хир бу

Валаргхойн шовданаш мел шийла ду-кха,

Валаргхойн нускалаш мел хаза ду-кха,

Х1усамда дехалахь, нускале сихха,

Ша санна ва шийла, шовдана и хи!

Воккха стаг.

Вайн нускал хаац-кха, мотт хууш юй а,

Юй техьа г1иллакхен, юй техьа оьзда!

Хаац-кха цуьна багахь мотт банне буй а,

Даийтал нускале и шийла шовда!

Нускал. (Мехкарша шена буйна белла хи чохь долуш чами а бохьуш х1усамда, хьеший 1аш болчу истолан улло йог1уш, кховдабо мардега хин чами)

Воккха стаг. (Хих буьзина чами хьалаойбуш)

Шийлачу шовданах буьзина х1ара чами,

Ас мала мегий те, хаьа и хьанна!

Алал соь, х1ай, сан йо1, «хи мала» алий,

Хьагвелла ма ву со… пожарник санна!

Нускал. (Эхь хета кеп х1оттош)

Ва, Дада, сихо е!  … хи мала хьайна!

Воккха стаг.

Ма мерза хи ду и! Баркалла хьуна!

Ехийла ирсе хьо б1ешарал сов а,

Совг1атна х1ара деши ло аса хьуна,

Хьешаша лург хир ду-кха ас чулла сов а!

Нускал. (Шен букът1ехьа д1алачкъийначура гучудоккху шун, и оьций йолало «мардегара» а, хьешашкара а «деши» гулдан)

Ловзаран да.

Вайн нохчийн ловзаргахь и к1ентий оьзда,

Бовлу-кха шаьш хелха, бохь буг1уш курра!

Вайн нохчийн ловзаргахь мехкарий оьзда,

Бовлу-кха шаьш халха, к1ант воккхуш курра!

(Цхьана йо1аца ша хелха а волуш, чекхдоккху ловзар)

ЧАККХЕ

Дог майра Чаборз. Забаре дийцар.

Дакъалоцурш:

1. Чаборз – х1усамда, 40 шаре ваьлла, жимчу дегехь къонаха.

2. Бикату – х1усамнана, хан ца къаьста, онда хиларна.

3. Жеро – юьртара хене яьлла жеро.

4. Дуркъшсулим – хьекъална жимма эшна волуш, онда нисвелла жима стаг.

1 сурт.

(Жимчу, къиэнчу ц1ийнан чоь. Лохачу, гомачу аннех вовшаха тоьхначу паднарна техь куьйгаш, когаш д1аса тесина вахвелла 1уьллу Чаборз. Готтачу чохь сонехь йоккха пеш, йистехь 3 литр чу йоьду шиша т1ехь лаьтташ жима стол. Шишана юххехь бошхапана чохь берамала йоьллина наьрс. Кетарах хьерчаш, шийлачу чухула, шен белшех куьйгаш детташ, «бур-бур» деш д1асалела Бикату.)

Бикату. (ц1аьххьана соцуш, Чаборзана т1е а йог1алуш) Х1ей, 1уьллург! Хезий хьуна? Ма ч1ог1а марайоьллина ахьа иза паднар! К1ира хан ю-кх пеша тасан дечиган цинц боцу вайгахь! Г1аттахь хьала!

Чаборз. (Хан теккхина болу, уллохь 1уьллу суркуй, цкъа-шозза куьг хьокхий, б1аьрг ца боьллуш катухий корта ойбий буха а тосий, «г1ам-г1им» а дой, дехха охьакхозуш долчу мекхах цхьа ах а уьйбуш, шок туххуш «хур-т1ур» дан вулу)

Бикату. (майрачуьнга а хьожуш ша-шега) Ванах, кху чохь милла лойла-м ма дац! (т1ейоьдий, майрчуьна куьг ойбу, ткъа иза чохь садоцуш санна охьадужу) (х1илланца хьожуш мохь туху) Ва стаг! Г1атта сихха! Вайн ц1енох ц1еяьлла!

Чаборз. (ах набарах олу) Хьо х1ун деш лаьтта ткъа, хьокха санна йог1а а елла? Арара белаца эций ло т1е а кхоссий д1аяйъа! (ха а хорций шен «хур-т1ур» юха а доладо)

Бикату. Аса муха оьцу ло белаца, иза г1аж кагъелла 1уьллуш йолу ах шо а хилча! (ойла йой. юха а) Вала сихха г1аттий! Воккха дада вог1у вайга!

Чаборз. (б1аьргаш а ца боьллуш). Со хьуьнха дечиге вахна ву ала цуьнга…

Бикату. (лаьхьа а, саьрмик а ший а цхьаьна сама болу цуьнан хьаьжюккъехь, куьг хьаькхича, пеша хьалхара аьшкал карабог1у цунна) Хьо муха воьду хьуьнха, хьуна иза мичхьа аг1ора ю а дицделла хилча! Хьуна-х хьайн самогон бен мичхьа ду а ца хаьа! (теббий букъ бохала аьшкал болийту майрчунна)

Чаборз. (ц1аьххьана к1егара хуу, ши ког паднарах чу а уллуш) Х1ун! Мичхьа? Тхов чу-м ца буьйжи вайн? (кхерабелла горгбелла ши б1аьрг гонаха х1ун хилла ца кхеташ сихха вовшахбетта, олладелла деха ши мекх а рог1анца цкъа цхьаъ, т1аккха важа тохалуш хаало).

Бикату. (ц1енкъаюккъе х1утту, д1аядан кийчча) Тхов чу-м ца беъна, амма гуьйрана дуьйна чу ладар оьхуш, буха тесаший, боганаший а х1иттош лаьтташ болу, иза дукха хьоьга хьоьжуш-м лаьттара бац!

Продолжить чтение